Chechen Patriotic Song - Нохчийчоь [Noxçiyçö] [Russian translation]
Songs
2024-11-24 14:47:33
Chechen Patriotic Song - Нохчийчоь [Noxçiyçö] [Russian translation]
Вайн дегнех кхерсташ ю алу
Вайн ирсан дайъина доь
Ларёйла хьо Везчу Дала
Бусулба сан Нохчийчоь
Дог доьхна бер санна, гlийла
Оллалой ма хьежа соь
Хьан седа лепийта сирла
Со лойла хьан, Нохчийчоь!
Ла иллахlа иллаллахl
Ларе Везчу Дала хьо!
Ла иллахlа иллаллахl
Бусулба сан Нохчийчоь!
Ёхийна хlоттор яц гуора
Кур олла бойтур бац хьоь
Йиш яц дашо малх хьан кхола
Бусулба сан Нохчийчоь
Даш кхетта эгча син метта
Маршаллаш коьхьуьйташ хьоь
Леш болчу хьан кlентийн метта
Со лойла хьан, Нохчийчоь!
Ла иллахlа иллаллахl
Ларе Везчу Дала хьо!
Ла иллахlа иллаллахl
Бусулба сан Нохчийчоь!
Лечано хелхар деш говза
Баланаш, гlайгlанаш тоь
Махкана дерриг ду ловзар
Елало, сан Нохчийчоь!
Вайн дегнех кхерсташ ю алу
Вайн ирсан дайъина доь
Ларёйла хьо Везчу Дала
Бусулба сан Нохчийчоь