Chechen Republic of Ichkeria, Anthem of the [1991-2000] - Ӏожалла я маршо [Joƶalla ya marşo] [Italian translation]
Chechen Republic of Ichkeria, Anthem of the [1991-2000] - Ӏожалла я маршо [Joƶalla ya marşo] [Italian translation]
Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла тхо,
lуьйранна лом угlуш тхан цlераш техкина.
Лаилахlа иллАллахl!
Аьрзонийн баннашкахь наноша дакхийна,
Тархаш тlехь дой хьийзо дайша тхо lамийна.
Лаилахlа иллАллахl!
Халкlанна, махкана наноша гоьллина,
Цаьршинна эшначохь, майра дlахlиттина.
Лаилахlа иллАллахl!
Ламанан лечарчий маршонехь кхиийна,
Халонех, бохамех курра чекхдийлина.
Лаилахlа иллАллахl!
Мокхаза ламанаш даш хила лаларах,
Дахарехь, кlийсамехь яхь оха дlалира яц!
Лаилахlа иллАллахl!
Бос lаьржа ва латта молхана лелхарах,
Тхешан сий даьхкина, тхо лаьтта доьрзура даc.
Лаилахlа иллАллахl!
Тхо цкъаъ цхьанненна къарделла совцур дац,
lожалла, я маршо – шиннехь цхьаъ ёккхур ю…
Лаилахlа иллАллахl!
Йижарша тхан чевнаш эшаршца ерзаё,
Хьомсарчу бlаьргаша хьуьнаршна гlиттадо.
Лаилахlа иллАллахl!
Мацалло хьовзадахь, орамаш дуур ду,
Хьогалло тхаш бlарздахь, бецан тхин мийга ду!
Лаилахlа иллАллахl!
Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла ду,
Халкlанна, махкана, далла аъ муьтlахь ду.
Лаилахlа иллАллахl!